ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь ДАIИШ-ан Iуналлера яьккхина тIаьххьара гIала


Иракъ. Лахьан-бутт 2017 шо. Архивера сурт.
Иракъ. Лахьан-бутт 2017 шо. Архивера сурт.

Иракъан армино «Исламан пачхьалкх» (ДАIИШ ) олучу тIеман тобанан Iуналлера яьккхина тIаьххьара шайн гIала. Лахьан-беттан 17-чу дийнахь цIеххьана тIелетар дарца маьршаяьккхина шаьш Ефрат хица йолу Рава гIала, хаам бина цу мехкан Iедалша.

Карарчу хенахь ДАIИШ-о Iуналла деш ю гIум-арехь Шеман дозанца Iохку территореш.

Iамеркан тIеман говзанчаша бинчу хаамца, ДАIИШ тобанан Iуналлера яьлла цо шен куьйгакIеллахь латтош хилла 95 процент территори.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG