Музаева Иман, Урдунехь хьалакхиина Нохчийчуьра мухIажир, Домодедовохь 3 де-буьйса даккхийтинчул тIаьхьа дIахецна - маьрша ю иза хIинца ша Шела юхьарлаьцна некъ чекхбаккха, Нохчийчу яха.
И хаам кхаьчна Маршо Радиога йоьIан адвокатера (шен цIе ца яккхар дехна цо Маршо Радиога). Цо бахарехь, Iедалшца барт а лехна, Иман арахецийтинарг ву Кадыров Рамзанан Малхбалера векал, сенатор Сабсаби Зиад.
Музаева Иман, карахь паспорт а дац, цхьа а даймахкалла долуш а яц аьлла сацийнера ФСБ-рчу дозанхоша кху беттан 14-чу дийнахь.
Нохчийчу хаттар хьажийнера деношкахь ФСБ-но йоьIах лаьцна. Шеларчу Iедало даредира Музаева цигахь йина а, гергарнаш болуш а ю, аьлла. Амма мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ша Домодедово хьажийначу факсца харцдинера иза Нохчийчохь йина хилар.
Аэропортерчу ханна нах лецна латточу чоьнехь йижа меттиг а, лууш юуург а йоцуш кхебира йоI.
ХIинца цуьнан аьтто хир бу ша йинчу даймахка дIакхача а, 18 шарахь хьегна ма-хиллара, цигахь ирсе дахар леха а.