ПIераскан дийнахт Москох кхелехь шаьш-шайн пхенаш хедийна нохчий реза ца хилла дарбанан цIийнехь биса, хаам бина «Интерфаксо». ТIаьххьара болчу хаамца, Москох гIалин кхелехь, кхеташо дIайоьдуш а йолуш, ша-шен пхенаш хедийнарг ву 6-ннах 5 стаг. Вон лелла аьлла, лецна болу и нах 2015-чу шарахь дуьйна чубоьхкина латтош бу талламан изляторехь.
Талламхоша чIагIдарехь, и нах бехке беш бу «Тануки» ресторанна тIелатар дарна. И зулам деш цаьргахь хилла герз а (тапча а, арбалет а, карабин олу топп а, «Сайга» олу таллархойн тоьпаш а), бейсболан биташ а.
Кхелан кхеташонан секретаро «Интерфаксе» бинчу хаамца, кхело пIераскан дийнахь 2018-чу шеран Дечкен-беттан 18-чу дийне кхаччалц яхйина и нах лецна буьтур болу хан.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!