ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Iедалша гIуда тоьхна «Къизаллаш лелорна дуьхьал комитетана»


Каляпин Игор.
Каляпин Игор.

Кхечу пачхьалкхан ша агент хилар даре ца дарна Оьрсийчоьнан юстицин министралло гIуда тоьхна «Къизаллаш лелорна дуьхьал комитет» цIе йолчу вовшахтохараллана. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан куьйгалхочо Каляпин Игора.

Ши шо хьалха, шайн цIе а хийцина, юха регистраци йинера цу комитетерчу бакъонашларьярхоша, шайна кхечу пачхьалкхийн агенташ ду аьлла цIе ца тиллийта. Делахь а, Орсийчоьнан Iедалша гIуда тоьхна царна 400 000 сом барамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG