Цхьаьнатоьхначу Штатийн Къоман кхерамазаллин кхеташоно магор ду президентана Трамп Доналдана Iамеркера герз эца Украинина ахча далар, Оьрсийчоьнера болуш олу кхерам юхатохар Iалашонца. Цунах лаьцна шотдийнахь хаам бина АВС телеканало, Пачхьалкхан департаментера хьастана тIе а тевжаш.
Киевна 47 миллион доллар юхалур доцу кредит дала деза аьлла сацам бинера Къоман кхерамазалин кхеташонера Трампан гIоьнчаша дIадаханчу шинарийн дийнахь.
Дуьйцург ду Украинина "Джавелин" олу танканашна дуьхьалдоккху кхузаманахьлера ракетийн комплексаш йохкар. "Джавелин" юхкуш бакъо яла еза президенто а, Конгрессо а.
ТIаьхьарчу масийтта шарахь Iамерко герз доьхкина Украинина 750 миллион доллар барамехь.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ