ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лата кечбелла нохчий а, овхIанхой а дIасабаьхна Венерчу полицино


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Австрехь лата кечбелла хилла нохчийн а, овхIанхойн а кегирхой дIасабаха аьтто баьлла меттигерчу полицин, Венерчу нохчийн диаспорин векалшца цхьаьна. ПIераскан сарахь Австрин коьртачу шахьарерчу Митте олучу цIерпошта вокзалехь гулбелла, вовшашлахь даьлла дов «къасто» Iалашо йолуш хилла шина къомах болу кхиазхой.

Иза тусаделлачу полицино нохчийн а, гIалгIайн а кхеташоне хаам бинера. Кхеташонан векалша WhatsApp-хула кхайкхам бинера махкахошка, шайн доьзалера бераш чохь совцаде аьлла, ткъа шаьш уьш лата леринчу метте баханера.

Кхеташонан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис бинчу хаамца, цигахь гулвелла 14-15 шераш долу иттех нохчийн кхиазхо хиллера, шайца кхечу къаьмнех болу накъостий а болуш.

ОвхIанхой, гIуллакх полисхошка даьллий хиинчул тIаьхьо, бевдда дIасабевла хиллера. Кегийрхошца кхетош-кхиоран къамел динчул тIаьхьа уьш цIабахийтина. Царех цхьангахь урс гучудалар бахьана долуш иза Iедало лаьцна дIавигнера, амма жимма тIаьхьо иза а дIахецна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG