ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара хьал дийцаре дан цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а, Туркойчоьнан а министраш


Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а, Туркойчоьнан а арахьарчу гIуллакхийн министраш Лавров Сергей а, Зарифа Джавад а, Чавушоглу Мевлют а дагадовлаш дIахьош бу туркойн Антальяхь, хаам бо ТАСС агенталло.

И цхьаьнакхетар хьажийна ду Шемара кризиз дIаерзорна. Министраша кехаташ кечдийр ду Лахьан-беттан 22-чу дийнахь Оьрсийчуьрчу Сочехь хир йолчу оьрсийн а, гIажарийн а, туркойн а саммитехь дийцаре дийр долу.

Цхьаьнакхетар дIахьош ду зорбанан гIирчашна къевлинчу рожехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG