ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машенца совгIат дина Кадыровс Узбекистанерчу латархочунна


Соьлж-ГIалахь дIадаьхьначу ийначу латаршкахь тоьллачу Узбекистанерчу Рузибоев Нурсултанна автомобильца совгIат дина Кадыров Рамзана. Казахстанерчу латархочуьнца Джанчураев Амхьадца ринге хIоьттинера Рузибоев «Ахмат» клубан цIарх.

Дуьххьарчу раундехь къийсархо нокауте а вохуьйтуш толам баьккхина узбека.

Къовсадаларшкахь Рузибоев Нурсултан а, цуьнан тобанхой а Узбекистананн президентан Мирзиеев Шавкатан а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а суьрташ тIехь долчу кучамашца бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG