ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Iедалша терроризмца латто къийсам тайна Китайна


Нохчийчоьно терроризмца латточу къийсамах пайда а оьцуш, экономикан юкъаметтигаш цхьана дIакхехьа дагахь ю Китай. Махкарчу векалшца Китайн делегаци цхьанакхетар дIахьочу юкъахь бина и хаам.

Делегацин куьйгалхочо, Китайн кхерамзаллехула волчу, терроризмца къийсам латточу леринчу векало Гопин Чэна билгалдаьккхина, Нохчийчохь къаьмнашна юкъахь барт хиларца баккхий кхиамаш бу.

Иштта республикехь Iаламан хьелаш а лаккхара хиларх дийцина шина агIоно. Китайн векалша туризм кхиорехь а яккхий таронаш ю аьлла Нохчийчоьнан.

ТIейогIучу хенахь Соьлж-ГIалара Урумчи доьдучу кеман некъ билларх а дийцира цхьанакхетарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG