Соьлж-ГIалин майданахь 50 метар лекха Керлачу шарна база хIотто буьйлабелла. Кху шарахь 4 эзар ловзоргаш а, масех чакхарма гирляндаш а охка лерина бу гIалин Iедалхой базана тIе.
Йоллу базан конструкци 94 тонн ю. Цул совнах, майда мел ю гирляндашца а, иллюминацица а къагор ю шахьар.
КарабогIучу беттан 20-чу дийне кхачале база кечйина яла езаш ю.
Билгалдоккху, дахначу шарахь хIоттийначу базан барамаш локхалла 53 метар, йозалла 104 тонн бара.