ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Суна тамаше хета Рошни-Чохь хилларг..."


РогIера полисхошна тIелатар а, маьршачу махка Керла шо даздан кхийкхар а цхьанадогIий-те?

Тамашеначу вер-ваккхарех боьттина чекхболуш бу махкахь лахьанан бутт. Хьалха-Мартанан кIоштан юкъаралло дийцаре дарал сов, хааме даьккхина ма-хиллара, буьйсанна хан яьллачу хенахь Рошни-чу эвлана юххехь полисхойн постана тIелатар дина шиъ вийна Iедалан белхоша.

Официалан гIардаккхарца, лехна Iожалла карийначу шианнах цхьаъ ГIалгIайн махкара Чахкиев Ахьмад хилла, важа Алтай кIоштера Цуцаев Адам.

Бахархошна чолхечех чолхе хаттар хилла цу шиннан Iалашо хIун хилла а, сел эвхьаза, маьIна доцу Iожалла тIеэца и шиъ карзах стенна ваьлла а. Дукхахболчарна тамаше хетарг ду, буьйса юкъал тIех а яьлла, хан Iуьйренга лестинчу муьрехь, граната а кхуссуш, герз а тухуш, цIеххьана тIелатар диннашехь, шайна хIумма а ца хуьлуш, полисхойн и ший а дIаваккха аьтто балар.

Оцу Iотта-баккхамечу хиламах йоьзна шеконаш йовзийтира еххачу хенахь Нохчийчохь ницкъаллин структурийн декъашхо хиллачу Сардалов Мусас.

"Низамхойн дика каяьлла"

"Бакъдерг аьлча, ас и тайпа хилам шеконца тIеоьцу,-аьлла долийра Сардалов Мусас.- Оцу полицехь болчеран хаза нехан санна аьтто а, ирс а хилла. Граната а кхоьссина, тапча а йиттина. Бухарчарна кIадда а ца хилла, цIеххьана тIелеттарш байина дIабаьхна.

Ас юха а боху низамхой дика каяьлла. Суна хетарехь, само еш хиларал сов, царна шайна тIелатар дан бохкий хууш хиллачух тера ду. Граната а кхоьссича, герз а тоьхча вер-ваккхар а хила тарло, чевнаш ян а тарло. Ткъа цигахь иза а я важа а ца хилла".

Ишта къастам боллуш хьажам гайтинарг ву дуккха шерашкахь низамхо болх бина Сардалов Муса.

Мусас масал а далош дийцира цIеххьана тIелатар дича хуьлчу аьттонах. Цо бахарехь шалго топ бен зуламхошкахь хилла а йоццушехь, ХIирийн мехкан Мазалк кIоштехь, гIала чувулучу меттехь, Терка тIехь лаьттачу йоккхачу чIагIйинчу полисхойн постана, масийттанна чевнаш а еш, тохар дина къайлабевлларш хIинца а карийна а бац.

"Суна тамаше хета Рошни-Чохь нисделларг"

"ТIелеташ волчуьнан яккхий таронаш ма ю. Стенна аьлча, иза шена Iалашо а хIоттийна араваьлла ма ву, дийриг дина ваьлча юхавала кечбина некъ а болуш,-дуьйцу Мусас кхин дIа а.- Хьажал, эцца Мазалк кIоштан тIай тIехь нисделларг?

Шалго топ бен йоццушехь, хьежа а еш йиттинарг, масех а лаза а вина къайлабевлларш хIинца а карийна а бац. Цундела суна тамаше хета Рошни-чу эвлахь нисделларг", -дерзийра къамел Сардалов Мусас.

Хууш ма-хиллара, юкъал тIехбаьллачу Лахьан- баттахь дуьххьара нислуш дац Нохчийчохь герзаш деттарца доьзна вер-ваккхарш. Кху деношкахь бутт кхочу Шелковск кIоштан Къоман гварди тIеман дакъош дIатардинчу тушехь ши эпсар а, кхоъ могIарера салтий а вийна.

Махкара хьал –де кхин тешаме дацахь а, сакхо ян езаш, ладегIаме делахь а, Iедалхоша тIедогIучу керлачу шарца доьзна даздарш дIадахьа а, самукъадаккха а, садаIа а, Оьрсийчуьра бахархой схьабоьху мехкан исбаьхьчу Iаламан тийналле ла а доьгIуш, зовкх хьега.

Бакъду, цу кхайкхамна жоп лундерш дукха хир бу ала, хала ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG