ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коммуналан ял охьа ца юьллучу хIусамийн тоькан серий хедадо Нохчийчохь


Кху деношкахь мехкан Iедалхоша жигара баьккхина бахархошка токана догIу ахча охьадиллийтарехь беш болу болх. Массо бохург санна ярташкахь леррина кхоьллина тобанаш ю бахархошлахь шен хеннахь декхар охьадилла дезаш хиларх кхетош-кхиоран белхаш беш. Ноьвран, Теркйистан, Соьлжа гIалин кIошташкахь дукха масалш ду токан серий дIахедийна. Кхиболу говзанчаш а, полисхо а воцуш, цу Iалашонца, бIогIамна буьххье вийла юххеваьккхина тобанан декъашхо ву электромонтер а.

ЦIийна чудогIу токан телаш дIахедадо нагахь токана ахча даланза ши бутт баьллехь. Вахархочун кхоалгIа дакъа охьадилла ницкъ белахь цунна цхьана ханна къинхетам бо. И болх массо кIошташкахь дIахьуш белахь а цкъачунна "Чеченэнерго" урхалла Iорадаьхна дац, ток дIахедаяр хьокъехь Гуьмсан кIоштехь долу терахьаш бен.

Цигахь 5370 токан декхархой хилла. Царех нисса эхаммо буьззина токхамаш бина, 2 гергга вахархочо кIез-кIезиг ахча дIаделла, ткъа 1116 вахархочуьнан ток дIаяьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG