ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газета": Шемара цIабалийначу зударшкара ахчанаш доьху полисхоша


Шемара цIаялийначу Алхотова Хьалимата шен бехк тIелацаран кехатна куьгяздинчул тIаьхьа, и документ дIадаьккхина цуьнгара Дагестанерчу полисхоша. Иштта цIабалийначу мехкарийн дайшкара-наношкара ахчанаш а доху ницкъахоша аьлла, хаамбина «Новая газетано».

Маршо Радионо хьалхо яздира, кху беттан 13-чохь Шемара Соьлж-ГIала 41 адам тIехь а долуш кема кхачарх. Бара царлахь Оьрсийчоьнан регионашкара 34 вахархо а, иштта Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а. Узбекистанера а, Казахстанера а ворхI стаг а хилла цаьрца.

Нохчийчонан Iедало Шемара а, Иракъера а зударий, бераш цIадаладар шайн пропагандийн Iалашонашца лелош хIума ду аьлла газетан журналисташка махкарчу бахархоша.

Шемара цIаберзийначаьрца яра Дагестанера Алхотова Хьалимат. Нохчийчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центран векалийн а, ФСБ-н белхахойн а хеттаршна жоьпаш деллачул тIаьхьа, шен бехкана мукIарло а дина, ша шен лаамехь цIаеана хиларх куьгяздинера оцу зудчо, дуьйцу газетано. Ткъа нохчийн полисхоша уьш шайн дайшка дIабеллачул тIаьхьа, Дагестанерчу полисхоша сацийна уьш, карара кехаташ дIа а дохуш.

Оцу юкъанна, «Новапя газетан» масех хьостано хаамбина, цIабалийначу йоьIарийн дайшкара дуьхьал айдина гIуллакх дIакъовлург ницкъахоша 500 эзар сом дехна хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG