ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIеман операци ерзо дагахь ву Путин


Шемахь Оьрсийчоьнан тIеман операци кеста дIаерзор ю аьлла пачхьалкхан президента Путин Владимира. Оршотдийнахь Шеман президентца Асад Башарца Сочехь цхаьанкхетта Путин.

"Буьззина толам баккха хIинца а дукха гена ду, амма Шеман эскаршца цхьана террорхошна дуьхьал дIахьо тIеман операци кеста йоьрзур ю", - аьлла Путин Владимира.

Путинан дегайовхо ю, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино (ООН-а) жигара дакъалоцур хирг хиларг Шемара конфликт ерзорехь аьлла, яздина ду Кремлан сайтехь.

Оьрсийчоьнан а, Шеман президентийн кху шина шерачохь дуьххьара хилла ду и цхьанакхетар. 2015-чу шеран гурахь хиллера тIаьххьара гар.

Оьрсийчоьно Шемахь тIеман операци йолийна ши шо хьалха. Терроризмца къийсам латтор яра цуьнан коьрта Iалашо.

Reuters агенталлан зерашца, карара шо доладелчхьана Шемахь вийна мел лаххара а 40 оьрсийн эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG