ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов верна набахтехь латто Эскерханов юха а бехке озийна


Йоьдучу кхелехь юьхьаза хиларна Талламан комитетан белхахочо иск чуеллера политик Немцов Борис верна бехкевеш, чохь латточу Эскерханов Темирланан хьокъехь. "Интерфакс" агенталле бина и хаам Эскерхановн адвоката Бюрчиева Аннас.

Сий, доьналла дайа гIортарна 100 эзар соьмана гIуда тухуш латкъам бинера талламхочо адвоката бахарехь.

Йоьдучу кхелан кхеташонехь суьдхочуьнга вистхуьлуш талламхо Камашев Александр «сучонок», «шестерка» а ю аьллера Эскерхановс.

«Медиазонаца» хиллачу къамелехь Бюрчиевас бакъдинера, иск кхеле чуелларг Камашев хиллийла.

Адвоката бахарехь, гIуллакх теллина даьлла. Экспертизано Эскерхановн цхьа дош лерина стаг сийсазвоккхуш. Уггар а талламхочунна новкъадеанар «шестерка» дош эксперташа маьттаза ца лерина. Бекх тIечIагIбеш бина сацам Москохарчу Басманан маьршачу кхеле кхачор бу.

37 шо долчу Эскерханов Темирлана шен декъахошна гIо деш хилла Немцовх информаци гулъеш а, церан цхьацца гIуллакхашка машенца дIасалелош а хилла. Политик вийначул тIаьхьа, зуламхой кIелхьара а баьхна шен машенца. Шен бехк тIе ца лаьцнера Эскерхановс, я дош ца элира бехкебечарна дуьхьал а.

Немцов Борис вуьйш дакъалацарна чувоьллинчу Эскерханов Темирланна 6 эзар евро компенсаци ялар тIедожийра Оьрсийчоьнан Iедалшна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Цо латкъам бинера Европерчу кхеле, талламан иолятор чохь ша латтийна хьелаш вон дара аьлла. Цул сов иза реза вацара Басманан суьдо шен гIуллакх къастош лелийначунна а.

Политик Немцов Борис верна пхеанга 11-20 шераш набахтехь такхийта сацамбина Москохарчу тIеман кхело. Доьналлин орденах а, лейтенантан чинах а ваккха а кхачийна Немцовна герз тоьхна лоручу «Север» батальонан буьйранчин гIовс лаьттина Дадаев Заур. Уггаре кIезиг хан – 11 шо кхайкхийна Бахаев Хьамзатна.

Дадаевн гергарчарна, ГубашевгIарна - Анзорна а, Шадидна а - 19, 16 шераш кхачийна.

Набахтехь даккха 14 шо Эскерханов Темирланна, иза а ваьккхина прапорщикан чинах. Дадаев воцчарна, хIоранна а тоьхна 100 эзар сом гIуда.

Пхеаннан а адвокаташа шаьш сацамна кассацин арз дийр аьлла даржийра.

Политик-оппозиционер, "Парнас" партин лидер Немцов Борис вийра 2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Кремлна гергахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG