ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьллачу гIалийн экологин рейтингехь нисъелла Соьлж-ГIала


Оьрсийчоьнан Iаламан министралло Халкъан фронт боламца цхьана хIоттийначу гIалийн экологин рейнтингехь хьалхарчу 10 шахьарца дIатарйина Соьлж-ГIала.

ХIора шарахь хIоттош ю гIалийн экологин рейтинг 2013-чу шарера схьа дуьйна. Рейтинг хIоттош пайдаийцира гIалийн дайша гонахара Iалам Iалашдарехь кхочушдина мехал гIуллакхаш а.

Хьалхарчу меттигехь ю Набережные Челны, Казань 2-чу меттигехь. Цул тIаьхьа Воронеж, тIаккха Магас, рогIехь Вологда.

Горно-Алтайск 6-чу меттигехь. ВорхIолгIа могIа дIалаьцна Оренбурго, бархIолгIаниг Соьлж-ГIалано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG