ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бутт хьалха Iедалхоша лецна кегийрхой хIинца а маьрша ца баьхна


Байначу баттахь дуьйна Теркйист кIоштехь цхьацца молха-таблеткаш бахьанехь лецначу ах бIе гергга кегийрхойх 33 стаг хIинца а чохь валлош ву полисхоша. Дай-наноша Маршо Радион корреспонденте дийцарехь, "Чернокозово" олучу Ноьвр - кIоштерчу набахтехь а латтийна, кху беттан 20 -чу дийнахь схьадалийна церан бераш кIоште.

Гергарчара даредарца, лецначарех цхьаболучарна дуьхьал талламхоша бехктакхаман гIуллакхаш а долийна, арахь яккха хенаш тоха кечбина,ткъа шолгIа дакъа, цаьргара яьккхинарг кIомал йолчуха, набахтехь хенаш такхийта кечбина.

Маршо Радионо байначу баттахь хаамбинера 20 шарера 55 шаре кхаччалц Ноьвран, Теркйистан кIошташкахь бахархой полисхоша дIелехьийна хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG