ТIекхочийла долу линкаш

Шинарин дийнахь Венехь кхеле озийначу нохчийн 16 шо долчу йоIа даре дина кхелахошка, ша набахте кхача лаарна дира и хIума, хIунда аьлча ша шен доьзалерчу баланах кIелхьара яла сатесна яра ша аьлла.

22 шо долчу меттигерчу зудчунна паркехь телефонехула къамел деш иза Iачехь масийтаза урс диттина енза яьккхина кхиазхочо. Цо дийцира, шен дай-наний дIасакъаьстинчул тIаьхьа ша ненаца йисинера, ткъа цо шена вуно чIогIа ницкъ бора, етташ. Нанас амал дайина бусалба динна тIейирзинера ша, амма тIаккха а шена ницкъ бечуьра шен нана ца сецира боху цо.

Интернетехула кхиазхошна маса шарахь набахтехь яккха хан тохарца таIзар до Iедало, цара цхьаъ вийча я цхьанна чевнаш йича бохург теллина 16 шо долчу йоIа, ша тIелатар дан араялале. Цо ша дийцарехь, набахте кхача сатесина хилла иза, цигахь шена цхьаммо а ницкъ бийр бац бохучу сатийсамца.

Ша урс диттина къона австрихо цунна цу дийнахь дуьххьара гуш хилла. Ишколера паузе араяьллачухь гина хилла цунна иза, луларчу паркехь Iаш. Шеца даима а лелош долу юург кечйеш долу урс диттина цо тIаккха, цхьанна хIумнах шек а йоцуш, хиина Iачу 22 шо долчу австрихойн зудчунна.

Некха ун тIе, пехех а деазза урс кхетта йолу австрихо сихха лоьрийн орца кхачарна яланза йисина. Цкъа хьалха цо шена шен коьртара хиджаб бахьана долуш ша аьшнаш йира аьлла хилла йолчу талорхочу кхелехь даре дира, ша иза шегара долийна дара, аьлла.

Адам ден гIертарна бехке еш йолчу йоIана 15 шаре кхаччалц хан тоха йиш ю меттигерчу низамца, элира Венерчу кхелан векало Маршо Радион корреспонденте.

Амма кхелахо тидаме оьцур ду цу йоIан жима хилар а, цуьнан чолхе кхоллам а.

XS
SM
MD
LG