ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна уьду кегийрхой махкара? Напха лаха я маршо лоьхуш?


Зил-дозанаш деттачу махкахь цхьа нохчий, Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь кхин нохчий? Ишта ду те бакъдерг?

Лоьцуш а, чубухкуш а лаьтташ бу Нохчийчохь корта бахочу, дIонгIаз боккхучу маларех, молханех, бен-бечу наркотикех а бетталуш болу бахархой. Царлахь бу кегийрхой а, гIеметта хIиттина нах а.

Цхьаболчара къобалдеш, кхечара буххера дуьйна а совнаха, харц тIеIаткъам а лоруш, оцу кепара дегIан лааман лай а хилла «лахбелларш» Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкара а, махка а балош, кхетош-кхиоран болх бу хаддаза дIахьош, «галбевлларш» телевизионехь гайта а гойтуш.

ТIаккха а могушаллина зуламечу, хьарамчу хIуманех марзо оьцуш болчеран терахь дебахь бен лахлучух тера дац. Цунна даре до мехкан прокуратуран хьостано а.

Цо чIагIдарца, тайп-тайпана наркотикаш, кхетам а, корта а галбоккху молханаш бахьнехь деккъа кху шарахь бехктокхаман гIуллакх а долийна, жоьпе озийнарг ву махкахь 800 гергга вахархо.

Бакъду и гIулчаш кхачаме хуьлчух тера дац. Стенна аьлча, Iедалхоша а, динадайша а, низамхоша а республикехь хIитточу бехкамечу зил-дозанал гена а буьйлуш, вайнехан векалша шайна ма тов «дуьне дуучух» тера ду кхечу кIошташкахь.

Масала, карарчу хенахь уггаре дукха нохчашна болх-некъ карийначех цхьаъ ю Оьрсийчоьнан коьрта шахьар Москох. Цигахь балха баьхкинчу дукхахболчу вайнаха лелочух, цара шайна могуьйтучух дуьйцуш ву цигахь сварщик болх беш волу 44 шарера Мамакаев Сидекъ.

"Дукха буй, баций дийца а ма дийцалахь, чот йоцуш дукха бу наркоманаш а, и молханаш дууш берш а, балхахь ду шаьш бохуш цIерачарна пуьташ а буьттуш. Суна дайна дац кхузахь дерг. Юьхьанца оцу цхьана хIусаме вахнера со а, сан накъост а. Бухахь ши нохчо вара. Дукха вах ца луш ведира тхойшиъа-м. И ший а цу таблеткаш тIехь вара, царна тIеоьхуш берш царал а оьшуш бара", - карзах а вуьйлуш, кхехка а кхехкаш дуьйцура кхин дIа а Сидекъа.

"И хIусам йита а йитина дIаваха-кх тхойшиъ. ЦIена эхь ду цара лелориг! Сан ненавешин кIант а ву-кх царна юкъахь! Суна кхуза веъчахьана а сап –сов а волуш лартIахь ши-кхо нохчо бен кхузахь гина а вац. Хила-м хир бу уьш, кхин дехьа сехьа тхо а ца девлла, кху балха тIехь гинарш-м бац лартIахь. Эхье беха гIертарх а гIуллакх ца хилира. Уьш бар-кх лаххьийна а дIа а бигна цIахь кхаба безаш", бохуш, дийцира Сидекъа..

Цунна вуно новкъа дара, махкана генахь вайнехан кегийрхой сел лахбевлла, дастаме лелар.

Москох шайна ма тов «урх хецца» лелачу вайнехан кегийрхойх дийцина Мамакаев Сидекъ тешна ву дукхах болу бахархой махкахь деттачу зил-дозанех, кхийдочу бехках бовдархьаммий бен цIерабевлла бац аьлла.

Цо дийцарехь, уьш банне бац цIерачеран бала болуш а, шайн самукъаненна сом-ком даккхал доцург, цабевллий бен балхана чукагбелла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG