ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь хи йистехь садоIучарна кхерамаш тийсарна лаьцна нохчий


Austrian Special Forces Police officiers guard the Hofburg castle in Vienna while the acting foreign Minister of Ukraine speaks at a meeting of the Organization for Security and Co-operation in Europe OSCE on March 20, 2014.
Austrian Special Forces Police officiers guard the Hofburg castle in Vienna while the acting foreign Minister of Ukraine speaks at a meeting of the Organization for Security and Co-operation in Europe OSCE on March 20, 2014.

Стохка аьхка Лахарчу Австрерчу Калтенлойтгебен олучу меттехь хийистехь шен зудчуьнца садоIуш волчу цхьана меттигерчу вахархочунна кхерамаш тийсинера 6 стагах лаьттачу бусалбачу кегирхойн тобано.

Царна ца тайнарг дара, хи йистехь садоIуш йолчу зудчунна тIехь духар ца хилар. И бахьана долуш маьттаза мотт а буьйцуш, цу стаге хьайн зудчуьнга тIе хIума йохийта, ца йохийтахь шаьш иза хьийзор ю аьллера цара.

Австрихочо къайлаха телефонаца дIаязйинчу видео тIехь гуш ду, мажош йолчу кегийчу наха цу шинна кхерамаш туьйсуш а, зудчуьн хьокъехь осала къамелаш деш а. Цул совнаха, царах кхера а делла, и шиъ цу меттера дIадаха гIоьртича боьршачу стагна мийра тоьхнера кегирхойх цхьаммо, иза хи чу вожон Iалашонца.

Шун хIун бала бу, хIун новкъа ду шуна аьлла шайга австрихочо хаьттича, "Тхуна новкъа ду-кх иза, оха ца магдо-кх иза иштта", - бохучу хьесапехь жоп кегирхоша луш а хеза видео тIехь.

Байначу баттахь видео зорбане яьккхира цу стага, талорхойн яххьаш къайла а яьхна, шен Фейсбукерчу агIон тIехь, хиллачух дийца а дуьйцуш. Ткъа масех де хьалха Австрерчу полицино цу кегийчу нехан суьрташ зорбане дехира видео чуьра схьаэцна долу, и нах лохуш гIо дехарца.

Лахарчу Австрин полицин урхаллехь Маршо Радион корреспонденте бинчу хаамца, ялх талорхочух виъ гучуваьлла, важа шиъ лохуш ву.

Лецначех кхоъ нохчо ву, цхьаъ овхIанхо ву. И вий а хеттамаш бинчул тIаьхьа таллам чекхбаллалц дIахецна. Амма церан гIуллакх толлуш ю меттигера къайлаха сервисаш, церан леламашкахь радикалечу исламхойн амалш а карийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG