ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь вехачу Эскарханов Мовсара орца доьху Путине


Немцойн махкахь политикан тховкIело а ехна, вехачу нохчийн мухIажира Эскарханов Мовсара латкъаме кхайкхам бина Оьрсийчоьнан президенте Путиин Владимире. Интернет машанашкахь гомосексуалистийн могIаршлахь ву бохуш, аьшнаш вечу жимачу стага яздо шен Фейсбукерчу агIонехь, Нохчийчуьрчу нуьцкъаллийн структурийн белхахоша шозза лаца а лаьцна, харц бехкаш а беш, ахчанаш даьхна шегара, бохуш. Ша Европе дIаваханчул тIаьхьа а кхерамаш тийсина шена, ницкъ а бина Нохчийчуьра орамаш долчу наха, боху цо. Эскархановс цIерашца вуьйцуш ши стаг ву, шена ницкъ бина бохуш.

"Ахь низам массарна а цхьаъ ду ма аьллера, амма Нохчийчохь я низам, я Конституци а хилла а яц, омранаш доцург" - бохуш, яздо мухIажиро, шена шозза тIелатар дина, ша гIелвелла, ша цхьанна а хIуманна бехке воцуш хьийзош ву аьлла тIе а тухуш.

Эскархановс ша Iадаташ лар а деш, вехаш стаг ву боху, амма шена харц цIе а кхоьллина, ша сийсазвина ца Iаш, Нохчийчуьрчу нуьцкъалхоша шен къена нана а, кхинболу гергар нах а хьийзош бу.

Ша а ву низамца схьаэцча Оьрсийчоьнан паспортан да, амма шена цхьа а бакъо йитина яц, шен бехк ца хиларна дахко шен тоьшаллаш а ду бохуш, яздо цо.

Эскарханов Мовсаран Фейсбукерчу агIонан скриншот
Эскарханов Мовсаран Фейсбукерчу агIонан скриншот

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG