ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чатаев Ахьмад вийна я каравахана? Iедалша луш жоп дац...


Тбилиси-ГIалахь петар чохь хьулбелла террорхой бу аьлла, долийна тIематасадаларш дирзинчул тIаьхьа а, Iедалша хилларг ма дарра дуьйцуш дац.

Тбилиси-ГIалахь петар чу хевшинчу террорхой бу бохучу нахана дуьхьал дIаяхьана операци йирзинчул тIаьхьа цхьа де буьйса даьлча а, олуш дац цуьнах ма дарра дерг.

Официалан хьосташа къадийнарг оцу операцин жамIаш бен дац. Иштта, 3 террорхо вийна, цхьаъ дийна каравахна. Низамхойх цхьаъ вийна, 4 лазийна.

Кхоччуш хиллачух информаци йоцу дела, юкъараллехь цхьацца хет-хетарш ду даржош ду. Уьш бакъ ду, я дац талла а йиш яц.

Украинехь тIом бечу гуьржийн эскархочо Макишвили фамили йолчу социалан машанехь шен агIон тIехь хаам бинера, Тбилисехь байинчарна юкъахь дерриге а дуьненахь лоьху Чатаев Ахьмад ву аьлла.

Иза бакъ ца дира Гуьржийчохь вехачу нохчийн юкъаралхочо Идигов Iумара. Иштта, цо аьттехьа а ца дитира, оцу петар чуьра нах террорхой хилар. Уьш Нохчийчура дарба дан баьхкина нах бу аьллера цо. Цуьнах къамел дан иза ша тахана зIенехь вац. Мел дIаеттарх цуьнга телефон дIа ца кхийтира.

"Шадерриг теллинчул тIаьхьа бен цара хоуьйтур дац"

Меттигерачу журналиста Бордзгор Сулхана дийцира Маршо Радиога цигахь хилачух а, цуьнан тIаьхьалонех а.

"Цкъачунна къаьстина дац иза.Чатаев цигахь хилла аьлла цхьаммо язйина. Гуьржи ву-кх иза Украинехь волу. Шен Фейсбукехь язйина цо. Цигахь нохчий хилла аьлла бохург а дац къаьстина. ПIаьнказера ши нохчо вара полицино тIекхайкхина. Петар долахо вара цигахь. Уьш а мукъабаьхна, хеттарш динчул тIаьхьа. Шадерриг теллинчул тIаьхьа бен цара хоуьйтур дац", -боху журналисто.

ШолгIа де ду гуьржийн журналисташ официалан Iедалшкара хилалчуьнах дерг къасто гIерташ лела. Бага хи эцча санна дIатийна Iедалан хьукматийн зорбан векалш а.

Гуьржийн вевзачу журналистан Мчедлишвили Звиадна хета, Чатаев Ахьмад Тбилисехь хилла хилар. Амма иза бакъ ду я дац ала йиш яц шайн, Iедалша даре даллалц, элира цо.

"Дехха талла дезаш гIуллакх ду и"

"Кхеташ дац. Хетарехь хилла иза. Амма даре деш дац официалан. Оцо а гойту, Чатаев цигахь хилла аьлла. Амма билгала сан олийла дац. ХIинца цара толлуш ю Гуьржийчохь а, дозанал а арахь а церан йолу зIенаш. Кхиъ бан болх а бу церан кхечу пачхьалкхех лаьцна.

Цундела дIахьедарш ца до цара. Нагахь санна, Чатаевх лаьцна верси бакъ хилахь, туркошца а цхьана болх бийр бу цара. Иза цигахь бехке лоруш ву, аэропортехь эккхар дина аьлла. Iамеркахошца а болх беш хир бу. Оьрсашка а цхьацца хIума хоьттуш а хила мега", - аьлла хета шена бохуш, дийцира Мчедлишвилис.

Чатаев Ахьмад - Нохчийчура тIемало ву. Цуьнан цIе дуьххьара шуьйра гIараелира 2012 -чу шарахь Гуьржийчохь Лапота чIожехь нохчийн тIемалошца гуьржийн эскархойн тасадалар хиллачул тIаьхьа.

Куьг доцу иза Европе а кхочу, цул тIаьхьа Туркойчухула Шема а воьду. Цигара кегийрхой юха чубалош болх а бора цо. Хонкарарчу аэропортехь эккхийтар дарна а бекхе вира иза.

Иштта Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа лехамашка велла а вара иза.

Нагахь санна, иза баккъал а Гуьржийчу веана хилар бакъ хилахь, дуккха а хаттарш айлур ду, муха, хIун кехаташца, мича Iалашонца, уггаре а хьалха, хьенан тховкIело йолуш лелла и стаг аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG