ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойн атрибутикана пропаганда йина аьлла бехкево Нохчийчохь жимстаг


«Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанхойн символика «ВКонтактерчу» шен агIон тIе оьллина Нохчийчуьра вахархочо аьлла, хаам зорбане баьккхина прокуратурано. Интернетехь мониторинг ечу хенахь прокуратуран белхахошна хааелла цуьнан публикаци.

Кхааридийнахь бехктакхаман гIулллакх даьккхина махкахочунна дуьхьал, экстремистийн организацин атрибутикан, символикан пропаганда ярна аьлла, бехк а хьарчош.

Ши эзар сом гIуда тоха тарло кIантана я 15 де, буьйса даккхийта мега набахтичохь аьлла «Кавказан узел» агенталле прокуратуран векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG