ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн Украинера векал дIалаьцна Брянскехь


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь векал лаьттина Цицулаев Рамзан сацийна Брянск кIоштахь аьлла, хаамбо Росбалта ницкъаллийн структурерчу шайн хьосташна тIе а тевжаш. Курхаллаш лелийна аьлла бехкевина лехамашкахь вара иза.

Украинан дозанал дехьаваьллачул тIаьхьа лаьцна иза, Москохарчу талламан изолятор чу воьллина. Шина артиклца бехк кховдийна Цицулаевга, "хьарамлонаш лелор" а, "Iедалхошна дуьхьало латтор" а.

Талламчийн версица, цхьана лаьцна латточу бизнесхочун зудчуьнгара 50 эзар евро эцна хилла цо, ша цIийнда маьрша воккхур ву аьлла.

2014-чу шарахь гурахь Москохарчу цхьана отелехь а гIоьртира Iедал Цицулаев лаца. Амма хадархоша дуьхьало а йина, каяьллера цуьнан хIетахь ведда, валла.

Цул тIаьхьа федералаша лоьхучийн тептаре ваьккхира иза.

Хьалха-Мартанара Цицулаев Рамзан 2010-чу шеран аьхка дуьйна вара Украинехь Кадыров Рамзанан векалан декхарш кхочушдеш. Ткъа гурахь мехкан куьйгалхочун арахьарчу зIенашкахула гIоьнча а хIоттийнера иза.

Украинахойн маттарчу Википедин агIон тIехь бу Цицулаевн биограафех и тIаьххьара хаамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG