ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алаудинов: Махкара доллу Iедал ду наркоманаш сецош


«Кавказан узел» агенталло яздарехь, Нохчийчуьрчу Iедалша наркотикашца оцу кепара латточу къийсамо проблема лахйийр яц аьлла хета меттигерчу бахархошна.

Маршо Радионо яздира байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь махкахь тIеттаьIIина полисхоша кегийрхой лоьцуш хиларх, наркотикашца а, психотропан препараташца а пайдаоьцуш хилла а бохуш. Профилактикан Iалашонаш хьалха яьхна рейдаш йолийна шаьш аьллера Iедало.

Гезгамашин-баттахь наркотикашца къийсам латточу урхаллан куьйгалле хIоттийнера Кадыров Рамзанан гергара стаг Кадыров Хас-Мохьмад. Бутт тIаьхьа мехкан куьйгалхочун гергара Демильханов Гайрбек хаийра оцу дарже.

Шен даржехь чIагIвалархьама, жамIаш оьшу керлачу хьаькамна аьллера «Кавказан узел» агенталле цхьана полисхочо.

Меттигерчу телевизионехь сюжеташ гойту лецна наркоманаш бу бохуш, церан гергара нах а схьа а кхуьйлуш, юьхIаьржа а хIиттош.

"Республикан доллу Iедал ду арадаьлла тахана шун доьзалш сецош. Шу паргIат шайн чохь Iаш ду, шайн берашца бала а боцуш", - аьллера рогIерчу телевизионан эфирехь чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Алаудинов Аптис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG