Яхначу буса Нохчийчуьрчу некъаш тIехь хиллачу шина бохамехь ши жимастаг велла, бер дарбан цIийне кхачийна. Еарин суьйранна Гуьмсан кIоштан Энгел - Юртна а, Билтойy-эвланна а юккъерчу машенийн некъа тIехь хилла бохам.
Орцанна кхаьчначу талламхойн тобано къастийна, некъал дехьа бовлучу 18 шераш долчу кегийрхошна тIетоьхна машен 29 шо долчу Кади-Юьртарчу вахархочо. Ший а кIант оцу сахьта велла.
ШолгIа авари Iалхан-Юьртана гена боцчу «Грозный- Серноводск» некъаца нисъелла. Дуьхь-дуьхьал кхетта Серноводскерчу 27 шо долчу машенленлорхочун а, 76 шаре ваьллачу БелгIатарчу вахархочун а машенаш. Цхьахволчун машенчуьра ши шо долу жима бер лазийна дарбан хIусамехь лоьрийн карахь ду.
Бехк зуьйш, талламаш бу дIахьош некъа тIехь