ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн доттагI Австрино дIатеттина


Боец UFC Тайсумов Майрбек (Кадыров Рамзанан инстаграмера сурт)
Боец UFC Тайсумов Майрбек (Кадыров Рамзанан инстаграмера сурт)

Вевзаш волу нохчийн ММА-н латархо Тайсумов Майрбек Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца доттагIалла лелош хиларна шайца болх бечуьра дIаваьккхина „Not in God’s name“ цIе йолчу Австрерчу цхьаьнакхетаралло.

Даханчу щарахь Iедалан урхалло гIо а деш, цу цхьаьнакхетаралло бевзаш болчу спортхойн гIоьнца болийнера кегирхой радикализацех лаъяран болх. Кхиамечу спортхойх масала а оьцуш, уьш радикалечу идеологин метта спорте уьш озор яра цу проектан Iалашо. Ткъа Австрехь кхиина а, цигахь шуьйра вевзаш а волу Тайсумов цу цхьаьнакхетараллин уггаре а сийдолчу декъашхойх цхьаъ вара.

Кху деношкахь меттигерчу журналистийн тIе тидам бахнера Тайсумов шен социалан машанашкарчу агIонашкахь Кадыров Рамзанца шен доттагIаллехь дозалла деш долу сарташ зорбане дохуш хиларна. Австрин пачхьалкхан ОРФ телеканало цхьа могIа критикалле материалаш йира цу хьокъехь.

„Not in God’s name“ а ирачу критике йира, цо адамийн бакъонаш хьешарца вевзаш волчу Кадыровца уьйраш йолчу стагца цхьаьнаболхбарна.

Цу цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Каракас Александра шена цу кепарчу Тайсумовн, Кадыровн доттагIаллех лаьцна хIуммаъ ца хаьара элира ОРФ телеканалана еллачу интервьюхь.

Цул совнаха, Маршо Радион корреспонденте ОРФ телеканалан белхахочо бинчу хаамца, „Not in God’s name“ цхьаьнакхатаралло Тайсумовца болх бар а, цуьнца йолу зIенаш а сацийна аьлла, дIахьедар дина цу проектан куьйгалхочо Каракаса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG