ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батумехь отелехь цIе яьлла нах хIаллакхилла


Батумерчу 5 седа болчу «Леогранд» отелехь цIе а яьлла 11 стаг ваьгна пIераскандийнахь.

БIе гергга стаг кIелхьараваьккхина орцанхоша а, полисхоша а хьешан хIусамера, царех 20 дарбан цIийне кхачийна. ГIажарийчуьра а, Туркойчуьра а, Израилера а бахархой бу царлахь.

Спа-салонехь тоькан баьгначу серах яьлла хилла цIе. Иштта отелехь сецна хилла «Гуьржийчоьнан мисс» къасточу конкурсан декъашхой а.

Царна цхьанна а зен ца хилла.

XS
SM
MD
LG