ТIекхочийла долу линкаш

Усманов Iимран: "Ца хоттуш сайн илли кхечо дIааьлча, сайгара бер даьккхича санна хета суна..."


Искусствехь авторийн бакъонаш ларйойтуш низамашкахь хийцамаш бийр бу аьлла, дош делира кху бIаьста Оьрсийчоьнан президента Путин Владимимра. Амма тахана а хийцаделла хьал дац, Нохчийчохь-м муххале а.

ХIара эшарш «Дагестанера мукъамаш а, иллеш а» аьллачу Ютюбан группи чохь ю. Шиннан а мукъам а, дешнаш а, ур-атталла, дуьххьара дIааьлларш а нохчийн артисташ хилар чоьте а ца оьцуш, шайн ю аьлла, дIа а кхайкхош, лоькхуш ю уьш.

ТIаьхьарчу иллин юкъара дош а хийцина, «нохчо» аьлла дош «суьйли» аьлла, хийцина.

Вайн махкахь авторийн бакъонаш юьйцучу хенахь, Оьрсийчохь долчу хьолах къаьсттина цуьнах дуьйцийла яц. Ерриге пачхьалкхахь дерг ду кху жимчу махкахь а.

Кавказехь тоьллачу пондарчас, композитора Паскаев Рамзана, шен мукъамаш лечкъош меттигаш шена дукха ца хаабелла элира.

Амма, лачкъийначуьнца а гIуллакх гена а ца доккхуш, иза кхеттачу агIор дIа а олий, дерзадо ша боху.

"Кхузахь лоруш яц авторан бакъонаш. Мукъаман а, дешнийн а автор мила ву олуш Iедал дац-кх кхеран. Суна-м ца хаьа иза хIунда дац. Наггахь верг волу, «хIара сан мукъам бу» олуш. ТIаьхьа ца кхуьуш верг а хуьлу. Кхетаво иза, мукъам хьенан бу".

Даудов Рамзан, таханлерачу нохчийн композиторех ву. Цо доху иллеш а, эшарш а дукха сиха даьржа, нахана деза а ло. Массийта шо ду, масала, «Седарчий» цIе йолу цуьнан илли масех матте а даьккхина, дIаолу. Хоттуш-олуш а доцуш, леладо и бохуш, реза вацара композитор.

Авторийн бакъонаш ларъеш ца хилча, цуьнах къоман культуран хуьлу зен билгалдаьккхира Даудов Рамзана.

"Говзанчашна болх бан аьтто бац. Царна ца лаьа болх бан. Царна луш кепек а яц, я церан цIе а йоккхуш яц цхьана а концертехь. Тхо юьстах девлла. Тхан метта баьхкинчара цхьа илли я эшар 7-10 эзар соьмах юьхку. Iедална а иза мегаш ду. Цундела тхо Iад Iаш ду-кх".

Шайн долчун хама цабар - коьрта бахьана ду, авторийн бакъонаш ларъеш ца хилар. Иштта Нохчийчура цхьана хенахь дIавахана Магомаев Муслиман денда Азербайджане.

Нохчаша сий-пусар а ца дина, иштта дIаваха дезна цуьнан аьлла, кхин дIа а дуьйцу Даудов Рамзана.

"Магомаев Муслим дIа хIунда вахна? Кхузахь филармони чохь, костюмаш латточу хIусамчохь буьйсанаш а йохуш, цара хьокхамаш а кхоьхьуш, Iийна. Цундела дIа а вахана, цигахь гIара а ваьлла. Оьрсийчохь гIара а ваьлла схьаван оьшу кхузахь. Стагах доллург схьа-м доккхур дара вай, цо иза дан дезаш санна. Суна вайн амалехь уггаре а вочарех хета и".

Авторийн бакъонаш ларъярх гIуллакх хир дац, нагахь Iедал меттах ца далахь аьлла хета иллиалархочунна Болотбиев ХIаронна.

Ткъа, эхь а ца хеташ лелочу оцу куталшна дуьхьало ян езаш хиларан хан тоххарехь тIехъяьлла элира цо.

"Муьлхачу произведенийн координаташ хила еза: мила ву мукъаман, дешнийн автор, мила ву дIаолург а. И стаг тIаккха вевзар вара. Цу тIехь болх беш бац. Синан кхача ма бу иза. Кхузахь Iедалан низамехь иза нисдан ца хьажахь, ас я кхечо дийцарх нислур дац".

Ши шо хьалха Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь Усманов Iимрана а элира, авторийн бакъонаш Нохчийчохь ларъеш ца хиларх.

"Ас яздина илли соьгара пурба а доцуш кхечо дIааьлча, сайн бер соьга а ца хоттуш цхьаммо дигча санна хета суна", - элира иллиалархочо

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG