ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Каиран реакци къиза а, луьра а хила еза


230 стаг а вуьйша, 100 сов лаза а веш, Синайн ахгIайритIерчу маьждигна динчу тIелатарна дуьхьал Каиро шога, къинхетамза жоп дала деза аьлла Кадыров Рамзана.

"Мисаран Iедалан а, церан агIончийн а реакци луьра а, къиза а хила еза цара динчу зуламе хьажжина", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен инстаграмехь.

Лаьмнийн кIошташкахь кеманашца тохарш а деш, Мисаран Iедало тIелатар динчарна дуьхьал операци йолийначул тIаьхьа дина Кадыровс и дIахьедар.

Эл-Рауда эвларчу маьждигехь Рузбан дийнахь ламазна бахархой гулбеллачу хенахь хилла ду тIелатар. Ламаз дина а бевлла, нах дIасабухучу хенахь эккхийтар хиллера маьждигчохь. Дийна бисинарш арабовда дагахь неIаре хьадча, тIе герзаш диттина хилла царна зуламхоша.

Цхьана а террорхойн тобано шайна цкъачунна тIелаьцна дац теракт. Амма, дийцарехь, дуккха а хан ю ахгIайри тIехь «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанна муьтIахь берш дIатарбелла беха.

Тергамчаша билгалдоккху, и инцидент бахьанехь тIедогIучу шарахь президентан харжамашкахь хIинца куьйгаллехь волчу Ас-Сиси Iабдел-Фаттахна кхаьжнаш ца таса там бу бахархоша, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG