ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь байинчийн терахь алсамдаьлла


ПIераскандийнахь Мисарахь маьждигехь динчу тIелатарехь беллачийн терахь алсамдаьлла аьлла, хаамбина Рейтерс агенталло. 305 стаг ву велларг, бIе совна кеп-кепара чевнаш йина.

Мисаран порокуратурано бахарехь, тIелатар диначаьргахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан байракх хилла. Iедалхойн хаамашца, 25-30 хилла верриг а тIелеттарг. Цкъачунна цхьана а террорхойн тобано тIелаьцна дац зулам.

Маршо Радионо шен сайтехь яздира, пIераскан сарахь Синайн ахгIайритIерчу маьждигна дина тIелатар бахьанехь антитерроран операци йолийна хиларх Мисаран эскаро.

Эр-Рисан эвлахь хIаллаквина 30 тIемало. Sky News Arabia агенталло бира и хаам, тIеман буьйранчан информацица.

Мел лаххара а 235 стаг вийна, 100 чевнаш йина пIераскан суьйранна суфийн маьждигна динчу тIелатарехь.

Беллачарех дукхахберш маьрша бахархой а, Мисаран эскархой а бу.

Метигерчу бахархойн тоьшаллашца, тIелеттачара герзаш деттара маьждиг чуьра арауьдучарна а, дарбан хIусамийн машенашна а, цул тIаьхьа къайлабевлла автомобилашца.

Кхаа денна тезет кхайкхийна Мисарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG