ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асхабов Мухьмад вийнарш Iедална ца карабо


Нохчийчоьнан парламентан депутат Асхабов Мухьмад вийнарш кхаа баттахь каро аьтто ца хилла махкарчу ницкъаллийн структурийн.

КIелойинарш тIехь хилла машен лахарх а гIуллакх ца хилла аьлла, дийцина «Кавказан узел» агенталле талламхочо.

Маршо Радионо шен сайтехь яздира, кху аьхка муьлш бу цахуучу наха машен хаьхкина воьдучу заманчохь герз диттина вийна хиларх депутат Асхабов.

Мехкан куьйгалхочо дIахьедира, Асхабов вер политикан бух болуш дац, амма иза вийначарна, шеко а йоцуш, таIазар дийр ду шаьш, аьлла.

Нохчийчоьнан парламентан депутатан Асхабов Мухьмадан машенна тIе герзаш детташ видеорегистраторо дIаязйина видео яьржина интернетехь.

«Новая газетано» бахарехь, Нохчийчохь лелаш верси яра, Давыденко юьртахь хилла конфликт бахьанехь вийна хила тарло Асхабов, аьлла.

Меттигерчу бахархоша агенталле бахарца, талламчаша хила ма деззара луьстуш дац и гIуллакх.

"Мехкан куьйгалхочо хIеттахь ма элира, Асхабов вер шен бIаьрга хьалха латтош ду ша, нийса ах бохург санна зулам къаьстина даьлла. Амма хIетте а, хIинца а билгалбаьхна бац иза вийнарш, я хиллачух бакъ верси а яц йовзитийна", аьлла «Кавказан узел» агенталле махкарчу бакъонашларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG