ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламхоша кхеле хьажийна Ушаевн а, Наматовн а бехктакхаман гIуллакх


Нохчийчоь, Шуьйтан кIошт. Архивера сурт
Нохчийчоь, Шуьйтан кIошт. Архивера сурт

Оьрсийчоьнан талламан комитетан белхахой теллина бевлла Ушаев Артурна а, Наматов Русланна а дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Царна бехке дуьллуш ду Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Псковерчу дивизин эскархошна Улус-Кертана гергахь тIелатар деш дакъалацар.

Талламхойн версица, 2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чу дийнахь цу шина стага Басаев Шемила а, Хаттаба а куьйгалла дечу тобанна юкъахь тIелатар дина 76-чу Псковерчу десантхойн дивизин 104-чу полкан 6-чу ротан эскархошна.

И тIелатар дахделира Заздоккху-беттан 1-ра де тIекхаччалц. Хиллачу тIамехь вийра 84 эскархо, чевнаш йина вара виъ.

Гулдина кехаташ дIахьовсийна кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG