ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешица кхелина тарраш оьцур ду Росгвардино


Росгвардин директор Золотов Виктор.
Росгвардин директор Золотов Виктор.

Росгвардин структуро пачхьалкхан эцаран сайта тIехь къовсам кхайкхийна, гIалгIазакхийн 20 тур эца дагахь. Эцар декъна ду еа тендере. ХIора декъан контрактан мах бу 225 эзар сом.

Росгвардин билламашца а догIуш, цу таррашна тIехь яздина хила деза, «Оьрсийчоьнан Федерацин къоман гвардин федералан сервисан директорера» аьлла.

Туьран дитт хила деза вуно лакхара дикалла йолчу болатах дина. Мукъ – малхбузерчу Кавказехь долучу тоьллачу колхидан олучу баIаран дечках бина.

Ткъа туьран ботт хила еза дечках йина а, Францерчу тIаьрсигана юкъа хьарчийна а. Цуьнан меженаш хила еза цIена дешица (999) а, никелца а кхелина.

Контаркт кхочуш йир ерг хоржур ву ГIура-баттахь. Ахча лур бу бюджетера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG