ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара дахаран дикалла гIоле ю Москох йолчул а


Соьлж-ГIалара дахаран дикалла гIоле ю Москох а, Петарбухехь а йолчул а, хаам бо "Фонтанко".

Оьрсийчоьнан Федерацин Iедалан Финансийн университетехь хIоттийначу рейтингаца а догIуш, Москохна 75, ткъа Петарбухана 85 балл елла, таллам бича. Цу хеннахь Казанан мах хадийна, 93 балл а елла. Соьлж-ГIалана елла -- 99. Амма дахаран дикалла гIоле ю массо а гIалахь йолчул а Тюменехь – 100 балл.

Университетан векаалша кхеторехь, мах хадоран бухахь ду цу гIаланашкарчу бахархошна хетарг: могушалла ларъярца доьзна хьал, некъаш дика хилар, културан тIегIанан дикалла, коммуналан хьашташ дика а дораха а хилар а иштта дIа кхин а.

Бахархошна хетарг гулдина спонсорша деллачу рицкъах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG