ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажираш бахьанехь гIалин мэрана урс тоьхна Германехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Германин малхбузехь Iуьллучу Алтена гIаларчу мэрана урс тоьхна логах. Тешаш дийцарехь, тIелетар динарг мохь бетташ хилла, мухIажираш тIеоьцуш гIалин куьйгалхочо дIахьо политика ца тов шена бохуш.

Мэран цIе ю Холлштейн Андреас. ХIинцале а лоьраша аравалийтина иза дарбанан цIийнера.

57 шо долчу политика куьйгалла а деш, цу гIалахь тIеэцна квото тIедиллинчул алсам мухIажираш.

ТIелатар динарг лаьцна полицино. Цунна кхел йир ю стаг вен гIортарна.

Германин канцлеро Меркел Ангелас дIахьедар дина, ша дог доьхна ю хилларг бахьана долуш аьлла. Цо баркалла аьлла мэрана гIо динчу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG