ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдан пурстоьпашка къинтIера бовлар дехна царна дуьхьало йинчу зудчо (видео)


Видео тIера схьадаьккхина сурт.
Видео тIера схьадаьккхина сурт.

Кху деношкахь социалан машанашкахь видео яржийнера, «Нохчийн зуда, урс а карахь, дуьхьал лаьтта суьдан пурстоьпашна» цIе а йолуш. Цу тIехь, урс а даьккхина, цхьа зуда ю, пурстоьпаш чубуьтур бац ша бохуш, царна луьш.

Цо дийцарехь, цуьнан 100 шо кхаьчна нана а, бер а ду хIусамехь. Цу зудчо иштта хьехаво тIом болуш кхелхина шен хIусамда.

Ткъа хIинца хиинарг ду иза Устрада-гIалахь хилла хилар а, газ дIахадо баьхкина Iедалан белхахой чу ца битинарг меттигера яхархо Мусхаджиева Тамара хилар а.

Диъ де даьллачул тIаьхьа Нохчийчуьрчу "ЧГТРК" телевизионо гайтина и зуда шен эфирехь, суьдан пурстоьпашка а, массерга а шена къинтIера довлар доьхуш.

Телевизионан версица, 2010-чу шарахь дуьйна газ лелорна ахча ца луш хилла цо. Ткъа ша Мусхаджиевас дуьйцу цу хьокъехь иккхина дов дIадирзина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG