ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаев Зеламхан ненера биоанализ эцна талламхоша


КарабогIучу беттан 8-чу дийнахь 4 бутт бузу Соьлж-ГIалахь тIепаза вайна Москох веха нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха. Оцу заманчохь кост кхаьчна дац Зеламхан гергарчаьрга вайначуьнгара. Iедало шаьш лохуш ду, амма иза волу меттиг хаалуш яц шайна аьлла кIентан нене Бакаева Малике.

КIентан кхоллам тергонехь латточу Маршо Радионо телефон туьйхира кхаарийдинахь Зеламхан нене, цхьана а кепара керла информаци кхаьчний кIантера хаттархьама. Цо бахарехь, кIира хьалха талламан комитете тIекхайкхинера иза, зуламан бехктакхаме гIуллакх доьллуш, биоанализ оьшу аьлла.

Бакаев Зеламха варах дуьххьара хаам зорбане баьккхира "Кавказ.Реалии" портало.

Зорбан министро Умаров Джамбулата Нохчийчоьнан дозанал а арахьа лечкъийна Iаш ву, ша тIехьерчийна декхарш бахьанехь я ша шена пиар еш хьулвелла аьллера.

Нохчийчоьнан Iедало Германера схьаяийтина аьлла, иллиалархочун Бакаев Зеламха тIехь волуш видео гайтира меттигерчу телевизионан эфирехь. Оцу сохьта видео теллинчу эксперташа а, журналисташа а дIахьедира, яржийначу видеотIехь гуш йолу йийбар а, энергетикан хиш а Оьрсийчохь духкуш ду.

Бакаевн стоьл тIера PepsiCo компанино арахоьцу Drive Me энергетик немцойн туьканашкахь духкуш дац яздора цара.

Иштта журналисташа къастийра, Зеламха тIехиина «Нова 140» диван Москохарчу Rival фабрикехь йина хилар, ткъа лесташ долу «Вега» кресло Боровичерчу «Элегия» фирман хилар.

Еврокомиссино тIечIагIдира,Соьлжа-ГIалахь вайна Бакаев Зеламха Европе кхаьчна цахилар.

Зеламхан доттагIий тешна бу меттигерчу Iедало иза вигина хиларх. Официалан доцчу хьасташа яздора, Кадыровн гонерчу стага вигина бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG