ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу бакъонашларъярхошна дегабаам бина Нухажиевс


Нухажиев Нурди.

Нохчийчуьра омбудсмен Нухажиев Нурди реза вац Европерчу къизаллашна дуьхьал комитетан белхахошна. Нохчийчу еана «делегаци дагахь яц конструктиван диалог дIаяхьа а, баккъалла дерг къастош болх дIабахьа а, боху цо.

Нохчийчуьрчу коьртачу бакъонашларъярхочо чIагIдо, Къизаллашна дуьхьал Европан комитетан делегацин болх шпионажан чулацам болуш бу бохуш.

Нухажиевна догдоьхна, Европера баьхкинчу бакъонашларъярхоша, ша а витина, республикерчу могIарерчу бахархошца къамелаш дарна.

Къизаллашна дуьхьал Европерчу комитетан делегаци еана Нохчийчу Лахьан-беттан 28-чу дийнахь. Цуьнан Iалашо ю республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалхошца цхьаьнакхетар а, чубоьхкина нах латточу меттигашкара хьал таллар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG