ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кнежевич: Черногорехь Iедал карчо гIортарца юкъаметтиг яц Кадыровн


Кнежевич Милан.
Кнежевич Милан.

Черногорерчу "Демократин фронт" оппозицин боламан лидерех цхьаъ волчу Кнежевич Милана дIахьедар дина, Кадыров Рамзан цхьа а юкъаметтиг йолуш вац цу махкахь кечъеш хиллачу путчана аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхо бехке вара хIумма а доцу хIума ду аьлла цо, хаам бо РИА Новости агенталло.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIе гучуяьлла Черногорехь Iедал карчо гIортарца йьозна Подгорицехь дIахьочу процессехь прокурораша кечдинчу кехаташна юкъахь аьлла хаам гучубаьллера.

Москохара гIо а деш, 2016-чу шарахь Черногорехь Iедал карчо дагахь хилла аьлла кхеле озийначу цу махкарчу оппозицин лидерша Кнежич Милана а, Мандич Андрияс а кехат хьажийна хилла Оьрсийчоьнан векалалле, цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга дIало аьлла.

Кадыров бехке вар бух болуш дац аьлла, дIахьедар дина Нохчийчуьрчу къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а министро Умаров Джамбулата а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG