ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъан набахташкахь 100 сов Оьрсийчоьнан махкахо карийна Нохчийчуьрчу Iедалшна


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу Iедалша дIахьедар дина, Мосулерчу четар гIалара Иракъан коьртачу гIалан БагIдадан набахте дехаь ваьккхина 100 сов Оьрсийчоьнан махкахо аьлла. Иракъерчу Оьрсийчоьнан векаллан пресс-аташес Петин Дмитрийс дийцарехь, и хаам толлуш бу.

Дипломаташа тидаме эцна иза, Кадыровс Иракъан армино дIалаьцначу Мосулера 25 зуда а, 79 бер а БагIдадерчу зударийн набахте дIадигарх лаьцна хаам бинчул тIаьхьа.

Кадыровс дийцарехь, цунна цIераш хаьа цера. Царна юкъахь лазийнарш а, заьIапхой а бу боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG