ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз карахь нохчий лецна ОвхIанистанехь


 ОвхIанистанан -- Логар провинци, Азра кIошт.
ОвхIанистанан -- Логар провинци, Азра кIошт.

ОвхIанистанан Логар провинцехь кхерамазаллин ницкъаш лецна 11 Нохчийчуьра вахархо, хаам бина кхаарин дийнахь цу регионан губернаторан зорбанан сервисо.

"Нохчийчуьра схьваьлла 11 стаг, шайна юкъахь зударий а, бераш а долуш, лецна Азра кIоштахь. Цаьргара схьаяьккхина ши ракета а, Калашоников ши масатопп а, мотоцикл а, "Датсун" жима машен а", - аьлла ду цу хаамехь.

И нах Азра кIошта кхаьчна луларчу, Исламан Пачхьалкх олучу тобанна а, "Талибан"тобанна а юкъахь тIемаш боьлхучу Нангархар провинцера, хаам бо Логар провинцин губернаторан зорбанан сервисо.

Азра кIоштара бахархой.
Азра кIоштара бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG