ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кочалла


Кремлехь дерг ма дарра хаа йиш яцахь а, Нохчийчоьнан куьйгалхо даржехь виса там бу.

Нохчийчоьнан урхалла дар дита хан кхаьчна шен аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана.

"ТIом бан а, республикехь къепе латто а со саннарш оьшу хан тIехтилла. ХIинца Нохчийчохь а хийцамаш бан оьшу зама тIекхаьчна", - элира мехкан куьйгалхочо "Россия1" телеканалан эфирехь.

Нагахь шега хаттахь, шен метта охьахао хьакъболчу кандидатийн цIерш йохур ю ша элира цо.

Путинан "гIашсалтин" дIахьедар дукха сиха керстдира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс: "Президентан Путин Владимиран гонехь ша хадам болуш хилар даим а билгалдоккху Кадыровс, кхи совнах хIуммаъ ца аьлла цо. Рамзан шен декхарш кхочушдеш вуьсуш ву кхи дIа а".

ГIараяьллачу интервьюхь Кадыровс далхадо, Путинца наггахь бен шен цхьанакхетар хуьлуш цахилар, амма къоман лидеро ша тIекхайкхича, Кадыровс ша ма аллара, "салти санна лаьтта иза" цунна хьалха.

Кадыров дарж дита дагахь ву бохучух ца теша эксперташ а, "дуьххьара дацара цо и къедораш ен" боху цара.

"Кочалла ю Рамзан Ахматовича лелорийг. Масех бутт хьалха а ма элира цо, Иерусалимера ал-Акса маьждиг лардан ваха кийча ву ша аьлла, - дагадоуьйту политолога Белковский Станислава. – Кест-кеста хуьлура цуьнан цу кепара дIахьедарш".

ДIагIойла дац Кадыров даржера аьлла хета "Кавказ.Реалиица" къамел динчу политологна, иза дIаводахь, цуьнан кхерамзаллан система а юхур ю боху цо.

Оьрсийчоьнан президентехула йолчу юьртбахаман, пачхьалкхан гIуллакхан академин а, Гайдаран цIархчу Институтан лакхарчу Iилман белхахочо Казенин Константинна хетарехь, "Кадыровн дIахьедар – федералан центрна муьтIахь хиларан билгало ю".

"Боккхачу кхиамашца Кремлца шен ловзарш дIахьо Кадыровс. Нохчийчоьнан территори тIехь Оьрсийчоьнан низамаш ца лелийта аьтто хилла цуьнан", - аьлла тIетуьйхира "Денна арадолучу журналан" редактора Гольц Александра.

Амма Гольца юкъара ца доккху, оьрсийн ницкъаллийн структураш реза ца хилар оцу суьртана.

Оьрсийчоьнан декъахь Нохчийчоь йисарна хIинццалц Кремло ахча латтийнехь а мехкан куьйгалхочунна, "хIинца хийцамаш хилла, Кадыровна кхи а мехал цхьаъ кховдийна хила тарло", боху Iилманчас Гольца.

"Цхьахйолчу регионан лидер хиларал совнах, Кадыров кхи а лакха кхийдачух тера ду, - бохуш, дийцира Гольца "Кавказ.Реалиига". – Ша куьйгалла дар дуьту бахар деккъа дIа дашна я моттаргIанна хила а тарло элира цо.

Путинан кIорггера тешам а бу Кадыровх, иза хийца лаам аьттехьа а бац аьлла, тешна ву Белковский.

Харжамаш герга кхочуш хилча а, цо декхарш охьадахкар ца оьшу пачхьалкхан президентна, хIунда аьлча, йоллу Къилбаседа Кавказехь къепе латторан символ хета Кадыров Путинна.

"Ткъа Кадыровна кху системехь магийна ду дерриге а. Де-факто аьлча, Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх ю, формалехь гойту цо ша Оьрсийчоьнан политикан, нийсонан меттигехь хилар", - чIагIдо политолога, нохчийн куьйгалхочун ницкъаллийн структурашкарчу даржашкахь мостагIий хилар, билгал а доккхуш.

Политик Немцов Борис веран гIуллакх талларо ма гойттура, делахь а, церан а дац Кадыровна дан хIуммаъ, элира Белковскийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG