ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхойн тIелатарш дан кечлуш хиларна ворхI стаг лаьцна Австрехь


Австрин полици. Архивера сурт.

Австрерчу Санкт-Пелтен гIаларчу прокуратуро бехк кховдийна ворхI стагах лаьттачу тобане. Уьш бехке беш бу террорхойн цхьаьнакхетаралла кхолларна а, террорхойн тIелатарш дан кечлуш хиларна а.

Цул сов, прокурораша дийцарехь, Шема баха Iалашо а хилла цера, къоланаш дан кечлуш а хилла уьш. Македонера а, Боснера а, Нохчийчуьра а орамаш долу кегирхой бу зуламан тобан декъашхой.

Лахарчу Австрин прокуратурин векало бинчу хаамца, лецнарш Санкт-Пелтенера герз духкучу туьканна тIелатар а дина, цу чуьрчу герзах джихадана пайда эца кечамаш беш хилла.

Иштта и тоба видеогайтамаш а бохуш, радикалан исламхойн пропаганда интернетехь яржош хилла, коьртачу декъана WhatsApp-хула.

Гергарчу кIиранашкахь дIайолалур йолуш царна тIехь кхел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG