ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочо бекхам бина Украинерчу суьдехь, ши граната а эккхийтина


Украинехь Никополскан кIоштан суьдехь ши граната эккхийтина нохчочо Тапаев Руслана, хаам бо Кавказ.Реаллино. Цу суьдехь луьстуш хила цуьнан кIант Ризван вийначу нехан дов.

Гранаташ лелхийтар бахьана долуш, кхелхина Тапаев. Хиллачу чевнех велла цуьнан кIант верна бехке веш волу цхьа стаг а.

Ха деш хилла ши полисхо а, кхелан белхахой а чевнаш хилла бу.

Хьалхо Украинин зрбанан гIирсаша хаам бинера, Нокополскан кIоштан суьдехь эккхийтар хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG