ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Никополан кхелехь ши граната эккхийтина нохчо Украинин махкахо хилла


Украина -- Гранаташ лелхийтинчул тIаьхьа Никополера суьдан чоь, 30Лахь2017
Украина -- Гранаташ лелхийтинчул тIаьхьа Никополера суьдан чоь, 30Лахь2017

Никополан кIоштан суьдехь ши граната эккхийтина нохчо Тапаев Руслан Украинин махкахо хилла, хаам бина "Кавказ.Реалиино", Днепропетровскан кIоштан къоман полицин урхаллан зорбанан секретарна Старчевская Аннина тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, полицехь цкъачунна тоьшаллаш дац, цу стага лелхийтарш бекхам беш дина хиларан.

Старчевскаяс бинчу хаамца, кхелехь гранаташ лелхийтинчу стеган хIусамехь цхьа а тоьшалла ца карийна таламхошна, цу зуламна иза хьалххе кечвелла хилар гойтуш долу.

Днепропетровскерчу нохчийн диаспорерчу хьастано дийцарехь, Тапаев зоотехник болх беш хилла. Цо иштта дийцина Кавказ.Реалии корреспонденте, кхел йоьдуш цуьнан кIант вийна болу нах цунна юьхьдуьххьал боьлуш хилла, шаьш цуьнах цадашар гойтуш, шаьш таIзарх хьалха девр хиларх иза кхетийта гIерташ.

Машо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Украинехь Никополскан кIоштан суьдехь ши граната эккхийтина нохчочо Тапаев Руслана. Цу суьдехь луьстуш хила цуьнан кIант Ризван вийначу нехан дов.

Гранаташ лелхийтар бахьана долуш, кхелхина Тапаев. Хиллачу чевнех велла цуьнан кIант верна бехке веш волу цхьа стаг а.

Ха деш хилла ши полисхо а, кхелан белхахой а чевнаш хилла бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG