ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусалба рохIинджех къахетта вилхина Папа Франциск


Бангладеш -- Папа Франциск, ГIур. 1, 2017
Бангладеш -- Папа Франциск, ГIур. 1, 2017

Римерчу Папас Франциска дIахьедар дина, ша "вилхира" Бангладешехь бусалба рохIинджаша балахьогуш хиларх лаьцна шена хиъча аьлла. Ша элира Мьянмерчу тIеман буьйранчашка, махкахь кIезиг болчу бусалбанийн бакъонаш ларъян еза аьлла, боху понтифика.

"Со вилхира, цхьанне а ца гойтуш дан гIоьртира со иза. Уьш а бара боьлхуш", - аьлла Папас, ша Бангладеше а, Мьянме а вахана Риме кеманца юхавоьрзуш.

Карарчу хенахь 620 000 гергга Iедалан ницкъаша хьийзош волу рохIинджа къомах стаг ведда Мьянмера (Бирма) шайн синош довдийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG