ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь деш долу массо тайпа бохург санна зуламаш бутт-батте баларца тIекхеташ ду. Масала, алсамдуьйлуш лаьтта вер-ваккхарш, могушаллина ондда зенаш дар, къоланаш дар, хIилланца - кийтарлонца харцонаш лелор.

Полисхойн урхаллерчу хьостано Маршо Радиога бинчу хаамашца, Iорадохучу терахьашца байначу баттахь махкахь 44 адам дийна, 58-нна луьра зенаш дина могушаллина. Оццу хенахь 1300 сов къоланаш дина, 2400 гергга шайна пайденна хIилланца бахархой Iехийна.

Дустархьама аьлча, чекхбаьллачу беккъа цхьана Лахьан- баттахь лелаш лаьтташехь цIеххьана велларг ву 39 стаг, вийнарг а, ницкъ бинарг 8 вахархо.

Оццу муьрехь 180 сов къоланаш дина, 400 ца кхоччуш хIилланца, ямартлонца курхаллаш лелийна меттиг бу, 22 сов экономикан декъехь зуламаш а дина.

XS
SM
MD
LG