ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедална декхаре верг пачхьалкхара араволуьйтур вац Оьрсийчохь


Доьдучу шеран жамIашца, 6, 8 миллион гергга декхарш тIехь долчу Оьрсийчоьнан бахархошна доьхкур ду дозанал арабовлар. "Лента.ру-с" бина и хаам.

Карарчу хенахь Оьрсийчохь 9 миллион вахархо ву банкна а, микрофинансийн организацешна а декхар.

Алименташ, коммуналан ял, банкан кредиташ, тоьхна цхьацца кепара гIуданаш 30 эзар соьмел совдаьллехь, пачхьалкхара араволуьйтуш вац Iедалан низамашца.

ХIинццалц 10 эзар сом декхар тIехь долчунна дихкина дара некъаш, кху шеран гурахь дуьйна 30 эзар соьме хьалабаьккхина барам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG