ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь "арахьарчу агентийн" могIарш стамделла


Оьрсийчоьнан юстицин министралло зорбане даьккхина "арахьарчу агентан" статусе яьхначу хаамийн гIирсийн тептар. Оцу могIаршкахь ю "Iамеркан Аз", "Маршо Радио" а, цуьнан минипроекташ "Фактограф", "Сибирь.Реалии", "Настоящее время" телеканал, гIезалойн-башкирин "Idel.Реалии", "Кавказ.Реалии", "Крым.Реалии".

Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь Оьрсийчохь арахьарчу пачхьалкхашкара ахча оьцу хаамийн гIирсаш "агенташ" лара магош низам тIеэцна.

Оьрсийчохь болх бечу кхечу пачхьалкхашкарчу хаамийн гIирсашна цхьацца бехкамаш беш низамехь хийцамаш бан сацам тIеийцира Оьрсийчохь, Москоха финансашца латточу Iамеркара RT телеканал Iамеркан Iедало "арахьарчу агентан" могIаре яьккхинчул тIаьхьа.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа жоп деллера, шайн пачхьалкхехь оьрсийн журналисташа бечу белхан а, Iамеркан жураналисташа Оьрсийчохь бечу белхан а билламаш къаьсташ хиларх.

Медиакорпорацин журналисташ Оьрсийчохь сийсазбо, царна тIелатарш до. Ткъа Раша Тудей телеканало Iамеркехь шайн информаци маьршша яржош йоллушехь, 2012-чу шарахь дуьйна Радио Маршонна Москохо дихкина ду эфираш дIаяхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG